Мобильное приложение:
AppStore Play Market
  • 3:38 ФАДЖР
  • 12:30 ЗУХIР
  • 15:51 IАСР
  • 18:53 МАГIРИБ
  • 20:22 IИШАЪ
пт

153 шо хьалха махкаха ваьккхина Илсхан-Юьртара шейх Кишин Кунта-Хьаьжа (Дала къайле тойойла цуьнан)

  • 3 января 2017 20:18
  • 2249
Читать grozny.tv в
Устаза шен дахар бусулба дин даржоран а, нахана юкъахь барт баран а т1ехьажийна дара. Х1етте а, Петербургерачу 1едало бинчу сацамца иза набахте хьажийра устюжна олучу г1ала.

Иласхан-Юртахь  д1аяхна устазан бералла. Цу хенахьа цхьаьнна а дагахьа а дацара, шен жималле хьаьжна ца 1аш  даим а ойлане  а, цхьалла езаш а волчу Кишин, Хедин к1анта эзарнаш ламанхой бусулба динчохь цхьаьнатУхур бу аьлла. Къен доьзалехь дуьненчу ваьлла велахь а, 1арбийн мотт 1амийра цо. Шен ткъа шо кхаьчча дуьххьара Хьаьжийн Ц1а а вахара.
Кишин к1ант (Дала къайле тойойла цуьнан) халбата хиъначу меттехь  х1инца хьалйина г1ишлош ю. Хьаьжа Маккара ц1авОг1учу хенахьа дуккха а шерашкахь бахбелла болу Кавказан т1ом чаккхене боьрзуш бара.  Цу хенахьа г1аьттира шейх , халкъе т1ом сацабе, эрна ц1ий ма 1енаде бохуш кхайкхамаш беш.  Г1елделлачу халкъалахь яьржаш яра эвлаяан ц1е.
Т1аьхьо  Макка вахара нохчичуьра эвлияъ (Дала къайле тойойла цуьнан). Паччахьан 1едало Шемал йийсаре винчул т1аьхьий бен Даймахке верзар ца хилира цуьнан.  Кхузахь харцонаш,  зуламаш Емалдеш шен хьехамаш бОлийра цо, адамашка шайн дегнаш ц1анде бохуш, кхайкхамаш бОра .  Кестта дуккха а мурдаш т1аьхьа х1оьттира  Хьаьжин.  Халкъалахь яьржира цуьнан ц1е. Дийнна къаьмнаша ийман диллира шейхан хьехамаш бахьана долуш.
Наха Кунта-Хьаьжа (Дала къайле тойойла цуьнан) иштта ч1ог1а лоруш хилар  шен кхераме лЕрира паччахьан 1едало, иза лаца кечам бан доладелира иза. Эзар барх1 б1е кхузткъе доьалг1ачу шеран кхолламан баттахь Кунта-Хьаьжа а (Дала къайле тойойла цуьнан), цуьнан ваша Мовсар а, кхин а масех устазан мурд а лецира.  Дукха хан ялале, махкаха а ваьккхина даиманна а  Новгородски губернера Устюжино ц1е йолчу уездан г1ала  хьажийра устаз.  Цуьнан ваша Мовсар а, кхин болу мурдаш а кхечу г1алашка кхалхийра. Иштта шен накъостех къастийра шейх.
Новгородски областан пачхьалкхан архивехь 1алашдеш долчу Хьаьжин (Дала къайле тойойла цуьнан) г1уллакхана юкъахь сурт дац.  Дуккха а суьрташ ду тахана даьржина, царна т1ехь верг Хьаьжа бу бохуш, амма вайн мехкан 1еламнаха дийцарехь, царех цхьаъ бен дац баккъала а цуьнан ду ала йиш йолуш.   Устазах лаьцна долу дуккха а харц хабарш д1адаха къахьоьгуш ву тахана Кадыров Рамзан а, иштта нохчийн 1еламнах а.
Паччахьан 1едалера кхин жоп ца кхочуш, эзар барх1 б1е дезткъе ворх1алг1ачу шарахь кхелхира Кишин Хьапта. Тахана  Хьаьжин ненан Хедин ларамна дина зиярт ду  вайн республикехь, урамийн техкина церан ц1ераш ю. Кишин Кунта-Хьаьжа (Дала къайле тойойла цуьнан)  бахьана долуш 1еначуьра ц1ий сецира Кавказехь, дийнна къаьмнаша ийман а диллира.  Х1ора шарахь эзарнашкахь адамаш оьху вайн махка устазан ненан коша т1е зиярт дан.

Также в «Главные новости»


Закрыть меню
Мобильное приложение:
AppStore Play Market