Мобильное приложение:
AppStore Play Market
  • 3:46 ФАДЖР
  • 12:30 ЗУХIР
  • 15:48 IАСР
  • 18:48 МАГIРИБ
  • 20:16 IИШАЪ
пт

Нохчийн республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан Омаев Дагунан тезета вахара Сиржа-эвла

  • 2 мая 2019 17:02
  • 1679
Читать grozny.tv в
Иштта дIахьедар Кадыров Рамзана дира «Вконтакте» йолу шен агIон т1ехь.

ЦIеяхханчу актеран гергарчаьрга вистхуьлуш цо элира: «Мехкан  тезет деана вайн Даймахка! Везчу Аллах1а шена йелла хан чекхйели Омаев Дагунан. Нохчийн къоман, Кавказан, йерриге Россин сийлахь к1ант вара Дагун. Уггаре а халчу заманчохь дуненна а гайтира цо вайн къоман хаза г1иллакхаш, стогалла, къонахалла, йахь, доьналла, оьздингалла».

Иштта, республикан куьйгалхочо дагадаийтира вайн Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьажин деган доттаг1а вара Дагун аьлла.

«Тхойшинна юкъахь а йара йоккха марзо. Омаев Дагун санна волу, махкана а сийлалла йолу стаг наггахь бен хуьлуш вац. Боккха деганлазам бу вайна цуьнан дарже кхаьчнарг кхин ца хилар. Омаев Дагун хууш вара жимачуьнца жима хила, воккхачуьнца воккха хила, массаьрца а к1еда-мерза хила! Вайн къомана, махкана иэшам бу Омаев Дагун вайх къастар. Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, вайн Мехкан муфтис Межиев Салахь-Хьажас а кадам бира Омаев Дагунан доьзале, цуьнан гергарчу нахе. Аллах1а къинхетам бойла Дагунах а, массо а бусалба адамах а!», - кхидIа а элира Кадыров Рамзана.

Также в «Главные новости»


Закрыть меню
Мобильное приложение:
AppStore Play Market