Мобильное приложение:
AppStore Play Market
пт

Кадыров Рамзан: Нохчийн мотт ца хилча, къоман г1иллакхаш, культурин башхаллаш 1алашъялур яц

  • 25 апреля 2020 16:53
  • 3266
Кадыров Рамзан: Нохчийн мотт ца хилча, къоман г1иллакхаш, культурин башхаллаш 1алашъялур яц
Читать grozny.tv в
Республикан куьйгалхочо махкахой нохчийн меттан денца декъалбина.

«Вайн республикехь уггаре мехалчу а, дезачу а денойх ду къоман меттан де. Нохчийн мотт ца хилча, вайн къоман г1иллакхаш, синъоьздангалла, цуьнан шатайпаналла, культурин башхаллаш 1алашъялур яц. Нохчийн мотт вайх х1ораннан ненан мотт хиларе терра, аганахь дуьйна, вайн ц1ийх д1аийна. Ненан маттехула кхоллалуш бу Даймахке, халкъе болу безам. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) даима а шен тидамехь латтийна нохчийн мотт 1алашбар, кхиор, баржор. Шена кхидолу къаьмнийн меттанаш дукха дика хуъушшехь, цуьнан уггаре а боккха озабезам нохчийн матте хилла, ша оцу маттана 1аламат говза а хилла иза», - билгалдаьккхира республикан куьйгалхочо. 

Нохчийчохь, уггаре а хала яьхкинчу хенашкахь, Ахьмад-Хьаьжин г1оьнца нохчийн мотт, литература 1алашъян аьтто хилира вайн къоман мотталлархойн, 1илманчийн, яздархойн.

« Ша дукха дешна а, доккха зеделларг долуш а хиларе терра, вайн хьалхарчу Президентана дика хаьара адаман кхетамехь уггаре а йоккха меттиг д1алоцушдерг йозий, дешаррий, 1илмий дуйла. Ахьмад-Хьаьжин д1адолорца вайн республикехь болх бан йолаелира телевидени а, радио а, зорбане довла доладелира нохчийн маттахь долу газет а, журнал а. Карарчу хенахь кегийрхойн нохчийн матте хьашт хилийтаран а, иза марзбаран а 1алашонца д1ахьош ю конкурсаш, фестивалаш, къийсадаларш.

Т1екхуьу чкъор ийманехь кхетош-кхиорехь а, къоман культура царна йовзийтарехь а, кхиорехь а боккха т1е1аткъам бо нохчийн матто. 

Х1ора а нохчичун дахарехь уггаре даккхийчарах долу цхьа декхар ду шен мотт 1алашбар, иза кхиорехь къахьегар.

Ас даггара декъалво вайн республикин х1ора а вахархо Нохчийн меттан денца!» , - т1етуьйхира Кадыров Рамзана. 

Также в «Главные новости»


Закрыть меню
Мобильное приложение:
AppStore Play Market